ТIекхочийла долу линкаш

Тангиев Тимурна дуьхьал тоьшалла ца дина


Соьлж-ГIалахь меттигерчу вахархочунна Тангиев Тимурна ечу кхелехь иза бехкевечу агIонан тешо, Челябинскехь набахтера видеозIенехула левинчу Чагаев Мохьмада ша ца дина Тангиев дуьхьал тоьшаллаш, уьш шега дайта шена тIехь гIело йиннашехь, аьлла суьдхошка ткхелан тIаьххаьрчу ладегIаршкахь. И хаам бо Тангиев Тимуран адвокато Беков Руслана. 26 шо хан туьйхира Тангиевна иза тIемало а ву, цо полисхой а байина аьлла.

10 шо набахтехь даьккхинчул тIаьхьа цунна тIхь гIло а еш даьхна тоьшаллаш аьлла, Европан кхело бехкейина пачхьалкх. Стохка Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело Нохчийчохь, хьалха цунна хан тоьхнначохь, юхаталла хьажийра дов. Ткъа хIинца а харцонаш лелайо шена тIехь набахтехь а, кхелехь а бохуш ду Тангиев Тимура Маршо Радионе а, кхечу меттигашка а ден аьрзнаш.

XS
SM
MD
LG