ТIекхочийла долу линкаш

Иракъан эскарш дуьхьаллаьтта гIаттамхошна


Хаамаш баьржина, Иракъан эскарш эзарнашкахь суннатоша лаьцна латточу Тикрит-гIалина гергакхаьчна аьлла. ТIеман инарлаша даржийна, беракеманаша тохарш дина тIемалошна, ткъа Тикритерчу университетан керта охьаховшийначу эскархошний, суннаташний юкъахь тIематасадаларш а хилла аьлла.

Оцу юкъанна Иракъан стигалхула лела чохь пилот воцу Iамеркан кеманаш. Уьш дукха хан йоццуш Иракъе кхьачначу Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскархой Iалашбеш хьийза, боху Иракъан тIеман министралло. Кху баттахь Иракъан къилбаседанера а, малхбузера а даккхий дакъош караэцна суннатойн тIемалоша.

XS
SM
MD
LG