ТIекхочийла долу линкаш

Баттахь хенах вала оьшучу ахчанан барам алсамбаьккхина Оьрсийчохь


ХIора стаганна баттахь хенах вала оьшуш долчу ахчанан уггаре а лахара барам алсам баьккхина Оьрсийчохь. Цу документана тIе куьг таIийна премьер-министро Медведев Дмитрийс. Цу кехатца а догIуш, хIинца цуьнан барам бу 7688 сом. Iамеркин ахчанца иза 230 доллар ду.

Цу кепара, кху шеран хьалхарчу кхаа баттахь хиллачуьнца дуьстича баттахь хенах вала оьшучу ахчанан барам алсамбаьккхина 400 соьмана. Цу хеннахь коьртачу кхача кечбан оьшучу сурсатийн мах алсам баьлла Оьрсийчохь 5,4 процентана.

XS
SM
MD
LG