ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин а, Оьрсийчоьнан а, Германин а, Францин а куьйгалхоша дийцаре дина Украинера хьал


Донбассехь машаран план кхочушъяр дийцаре дина телефонехула Украинин а, Оьрсийчоьнан а, Германин а, Францин а лидерша- Порошенко Петрос а, Путин Владиммира а, Меркел Ангелас а, Олланд Франсуас а. Путина а, Меркела а, Олланда а дехар дина Порошенкого герз деттар сацор кхин дIа а дахдахьара аьлла.

Дийцаре динчу хаттаршна юкъахь дара ОБСЕ-н инспекторш дозанца йолчу чекхволуьйтучу пункташка хьажор. Путина къаьсттина тидам тIебахийтира конфликт йоьдучу меттехь бехачу нахана гуманитаран гIо дарна. Олланда а, Меркела а билгалдаьккхира Украинин малхабалера хьал дIанисдар Iалашонца а, Порошенкон план кхочуш яр Iалашонца а гIулчаш яхар мехала хилар. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Францин президентан канцелярино динчу дIахьедар тIехь.

Украинин президентан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Порошенкос кхайкхам бина Путине Украинин тIерритори тIе тIемалой а, тIеман техника а, герз а ца кхачийта дозанна Iунал дар чIагIдахьара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG