ТIекхочийла долу линкаш

Иракъан а, Шемин а дакъош тIехь халифат кхайкхийна суннатоша


Шема -- Халифат кхайкхор даздеш бк суннатойн гIаттамхой 30Ма 2014.

Шема -- Халифат кхайкхор даздеш бк суннатойн гIаттамхой 30Ма 2014.

Ша Исламан халифат кхуллу шен куьйга кIел долчу Шемин а, Иракъан а лаьттанаш тIехь, аьлла дIахьедина Иракъан а, Левантан а Исламан пачхьалкх» олучу гIаттамхойн тобано. ХIун маьIна ду оцу хааман, хIун мах бу хенан йохаллина? Маршо Радион корреспондента Бежан Фруда лоьху оцу хеттаршна жоьпаш.

Халифат кхоллар а кхайкхош, боламан цIарх дIахадийна суннатойн гIаттамхоша «Иракъ а, Леванта а» боху дешнаш. ХIинца цара шайгарчу шаьш шина пачхьалкхан дакъойх вовшашна тоьхначу махках деккъа дIа «халифат» баха долийна.

«Халиф» кхайкхийна боламо ал-БагIдади Абу Бакар. «Исламан пачхьалкхо» дуьнентIера массо а бусулбанаш боьху халифна байIат даре.

«Халифат» Iаьрба маттахь халифна мутIахь хилар бохург нисло. Мохьаммад Пайхамар (IалайхIи салам) веллачул тIаьхьа, 7-чу бIешарахь кхоллаелла. Халиф ларалуш хилла дерриг а уммин хьалханча. Бакъ халифат – рашидун – дуьххьара халифаш Iийначу веа шайхаца юзу – Абу-Бакарций, Iумарций, Iусманций, Iелиций. Царал тIаьхьа халифатан коьртехь лаьттина тайпанийн ши гара Омейядаш, Iаббассидаш. 15-чу бIешарахь монголаша йохийна халифат.

Лондонерчу пачхаьан бусулба колледжан хьехархочо Керстен Карла дуьйцарехь, Iела-халифах имам баха долийна шиIаташа. Цул тIаьхьа дуьйна имамо имам а хуьйцуш дIадахана бусулбанийн пачхьалкхалла.

Керстен: «Iелин асхьабаша халиф а ца олуш, имам аьлла цунах. Цул тIаьхьа шиIаташа имамо даржера имам хуьцуш хилар тIечIагIдина».

Делахь а халифаш шайх олуш баьхна Туркойчуьра султанаш 1923-гIа шо кхаччалц. И институт йохийна туркойн дуьххьарлерчу президента Ататюрк Кемала.

Дуккхаза а гIиртина цхьацца-цхьацца мехкашкара бусулба лидерш халифат юхаденъян. Амма дуккхаъчу бахьанаша ца белла царна и аьтто.

Тахана «Исламан Пачхьалкх Иракъ а, Леванта а» шех олуш хиллачу боламо халифат дIакхайкхор ша дIалецначу Шемин а, Иракъан а лаьттанаш тIехь царна дIачIагIбала лаар ду, аьлла хета тергамхошна.

Керстен Карлна хетарехь, исламан дуьненна керла политикан дозанаш кхолларо галдохур ду хIинццалц лаьттина Iаьрба мехкийн дозанаш.

Керстен: «Тахана йолуш йолу дуьненаюкъарчу системаца шайн резадацар тIе а чIагIдеш, цунах къаьсташ йолу политикан раж а хIоттош, шаьш долаэцначу лаьттанаш тIехь дIачIагIбала гIерта гIаттамхой халифат кхайкхорца».

Лондонерчу бусулба колледжан хьехархочунна Керстен Карлна дийцарехь, ларамза дац мархийн бутт болалуш суннатойн гIаттамхоша халифат кхайкхор. Оцу баттахь бусулбанаш къаьсттина суьпа хуьлу, боху цо.

Керстен: «Шаьш санна йолчу юкъарлонаша суннатойн гIаттамхой къобал беш белахь а, СаIуда Iаьрбийн пачхьалкх тамаша бу реза хилахь. СаIуда Iаьрбийн паччахьо шена «бусулба ши хазна ларъечун» цIе тIеэцна ( Маккарчу а, Мединарчу а маьждигийн верас). Ткъа иза, ма-дарра аьлча, ша а ду халифан дарже кхоччуш дарж».

XS
SM
MD
LG