ТIекхочийла долу линкаш

Страсбургерчу кхело дитина Францехь тIеэцна "никабан" низам


Европерачу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело ца хуьйцуш дитина Францехь тIеэцна долу бусулба зударшна никаб лелор доьхкуш долу низам. И низам болх беш долу 3 шо ду. Страсбургерчу суьдехь и низам юхадаккхийта гIерташ яра цхьа Францера бусулба зуда, цо дин лело йолу шен бакъо йохийна аьлла.

Цу зудчуьнан 24 шо ду. Дукха хан йоцуш Францехь университет яьккхина а ю иза. Цо дехар дине суьдхошка, шен цIе ма хьехаяхьара аьлла. Никабан низам дохийначунна гIуда туху Францехь 150 евро барамехь. Францина тIаьххье цу тайпа низамаш тIеэцна Белгехь а, Швейцарехь а. Изза дан дагахь ю Итали а, ХIолланди а.

XS
SM
MD
LG