ТIекхочийла долу линкаш

Европарламентан гIантда юха а хаьржина Шульц Мартин


Европарламентан гIантда юха а хаьржина Германера политик Шульц Мартин. Цуьнан кандидатурина тIехIоьттина 409 депутат. Верриг а кхажтасарехь дакъалоцуш вара 723 парламентан декъашхо.

Ша хаьржинчул тIаьхьа, депутаташна хьалха вист хуьлуш, Шульца дIахьедар дира, Европарламенто тIеэца безаш дуккха а сацамаш бу аьлла. Царна юкъхахь цо хьахийра цхьайолчу Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхъашкахь бан болх боцу нах алсам хилар а, мигрантийн проблема а, маьрша йохка-эцарх лаьцна барт барца доьзна Iамеркица дагадовларш дIадахьар а.

Шульца иштта хьахийра Иракъехь тIемалошца йоьзна проблема а, Украинин малхбалера кризис а. Ялх кIира даьлла Европарламентан керла харжамаш хилла. Цу харжамашкахь толам баьккхина ультра-аьттоагIар ницкъийн векалша а, евроскептикаша а.

XS
SM
MD
LG