ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчуьра газ: ХIун мах бу цуьнан?


Серби - Газпромца газ эцаран ьартбеш ю Серби, Белград, 11Лах2013.

Серби - Газпромца газ эцаран ьартбеш ю Серби, Белград, 11Лах2013.

Оьрсийчоьнан газан мехаш буьстича, гучудолу мехкаша иза кеп-кепарчу мехашца оьцуш хилар. Юккъарчу а, Малхбалерчу а Европера пачхьалкхаш экономикехь ледара мел ю а лакхара бу Газпромо царна къастабе мах. Оьрсийн газан мехаш зуьйш бу Маршо Радион корреспонденташ Кейтс Гленн а, Луо Ли а.

Оьрсийчоьно 2013 шарахь Европерчу мехкашна газна хIиттийна мехаш

Оьрсийчоьно 2013 шарахь Европерчу мехкашна газна хIиттийна мехаш

Оксфордерчу энергетикан талламийн институтан профессор ХIендерсон Джеймс дуккха а хан ю оьрсийн газан, мехкдаьттан йохк-эцарш толлуш волу. Цо иштта дуьйцу.

ХIендерсон: «Мехкийн таронашка хьожжий, къастабо Газпромо царна мах. Дискриминаци латтаен монополистах тера ю иза. Пачхьалкхаша йохк-эцаран дуьненахь лоцучу меттиге, цуьнан таронаш кIезиг хиларе хьаьжина къастабо мехаш а»

​Башхаллаш иштта ю. Европехь уггаре къен ларалучу пхеа махках гIолехьачу хьолехь бу Молдовас луш болу мах. Цо юккъерчу барамал лахара ло. Уггаре а боккха мах луш ю Евробертехь уггаре а гIийла йолу Македони – 564 доллар. Германехьчул алапаш пхоьазза лахара долчу Босниной, ХIерцоговиной оьцу газ 514 долларх.

Ткъа мелла а ехаш йолчу Европерчу пачхьалкхаша луш болу мехаш юккъерчаьрца буьстича лахара бу. Иза дозу и мехкаш Оьрсийчоьнан политиках къехкаш ца хааяларца.

Кхо бутт хьалха Оьрсийчоьно Украинан долахь йолу ГIирма шена ерзийра. Цул тIаьхьа, ша тIекарло а еш, Украинера оьрсийн сепаратизм шорйира, тIемаш бан некъ белира.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташий, Евробертой Оьрсийчоьнна дуьхьал ехира санкцеш. Амма газах 400 долларал мах лучу Германиной, Австриной, Франциной Кремлна ма-догIу луьра экономикехь таIзар дарна новкъарло ярца билгалбевлира и мехкаш.

Оьрсийчоьнна тIеман хIордакеманаш цкъа ца духку а баьхна, сацамах юхаелира Франци.

397 доллар луш йолчу Австрино дукха хан йоццуш Оьрсийчуьра Украинана юьстаха шаьш долчу кхочунйолчу газан биргIа йилла контракт тIечIагIдира.

Оцу юкъанна Евроберто цхьа а хала доцуш, Болгари юхаялийтира изза биргIа йилларх. Ткъа Болгарис Австрица дуьстича, 100 долларал сов ахча ло оьрсийн газах.

Иштта газан мехах а Iехош, Таможнин юкъаралле ийзабо Оьрсийчоьно шена гонахара мехкаш. Цкъачунна оцу политикан-экономикан гоне оьзна Казахстан, Беларуси.

Украинаца а йира Кремло шен газаца кхел. Юьхьанца, Янукович Виктор президентан даржехь волуш, иза реза хилира украинахойн лаам кхочуш беш, мохк Европехьа дIагIортон, амма Путин Владимира дуккха а аьттонаш кховдор бу ша аьлла шеца къамелаш долийча, вирзира Таможеннин юкъарлонехьа. Оцу бахаьанийца Януковичанний, халкъанний даьлла дов, гуш ду, дуьккха а цIий Iеначе даьлла, Украина дакъошка екъалучукхераме кхаьчна.

Беларусино 166 доллар бен ца ло газах, Эрмалойчоьно 189 доллар. Ший а мохк а бу и газ бахьанехь Кремлана сужданехь лаьтташ.

Оьрсийчоьнца тIех гергарлонехь йоцчу Латвиной, Литуаной, Эстониной 416 доллар а, сов а мах ло газан эзар кубметрх.

Оьрсашкахьа хуьлуш нислахь а, сербаша ло газах 457 доллар – вуно дукха. Италино 440 доллар бен ца ло. Премьер-министр Берлускони Сильвио Путин Владимирца доттагIаллехь волуш хIоттабелла мах бу иза.

Оксфордерчу энергетикан талламийн институтан профессор волчу ХIендерсон Джеймсна иштта хета.

ХIендерсен: «Дерриг а экономико къастош ду. Бечу бертан бухахь политикан аспект ю, наггахь экономикехь бен барт политикаца бохабелла хуьлуш а бу. Амма, ас йинчу тергонца, Оьрсийчоьно газах шена луъучу барамехь, шега ма-даххало ахчанаш доху».

XS
SM
MD
LG