ТIекхочийла долу линкаш

Украинин журналисташ дIахецар доьху Эрнста а, Добродеевс а, Кулистиковс а


Шинарин дийнахь Луганскехь цигарчу сепаратисташа лаьцна Украинин «Громадьское ТВ» олучу телевизионан журналист Станко Анастасия а, операторш а. Уьш бехке беш бу цу наха Украинин эскарна гIо дар Iалашонца «шпионаж лелорна».

И бахьана долуш Оьрсийчоьнан Хаьлхарчу каналан а, ВГТРК-ан а, НТВ-телекомпанин а куьйгалхоша кхайкхам бина журналисташ дIахеца аьлла. Эрнст Константина а, Добродеев Олега а, Кулистиков Владимира а и шайн кхайкхам хьжаийна «Луганскан халкъан республика» олучу тобанан куьйгалхочуьнга Болотов Валерийга.

Цара кхайкхам бина цу стаге, журналистийн политикан ойланашка а ца хьожуш, цаьрга шайн болх байта аьлла.

XS
SM
MD
LG