ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаш совцуш дац Украинин малхбалехь


Даханчу дийнахь-бусий 19-зза Украинин армин позицешна тIелатар дина Оьрсийчоьнехьа болчу сеператисташа. Кхо стаг вийна, иттех стаг чевнаш йина ву. Цунах лаьцна хаам бина Украинин тIеман а, къоман кхерамазаллин а кхеташонан векало Лысенко Андрейс.

Цо дийцарехь, цхьайолу тобанаш арайовла гIерташ ю шайна бинчу гонера. Иштта Украинин къоман гвардино юхатоьхна Славянск-гIалин а, Карачун олучу лакхенна а гонах йолчу блок-посташна дина масийтта тIелатар.

Украинин кхерамазаллин сервисан белхахоша лаца а лаьцна Киеве дIакхачийна сепаратистийн координатор волу Горловка-гIалин ша мэр кхайкхийна волу Колоснюк Владимир. Цу стаганна бехке дуьллуш ду терроран организаци кхоллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG