ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно гуьржийн бакъонаш йохор даре дина Страсбургерчу кхело


Страсбургерчу суьдо даре дина 2006-чу шарахь Оьрсийчоьно шайн махкара гуьржий арабохуш Европан адамийн бакъонашкахула йолчу конвенцин цхьамогIа артиклш йохийна хилар. 2007-чу шарахь Европан суьде и латкъам бинарг яра Гуьржийчоь. Страсбургерчу суьдо билгал ца баьккхина Оьрсийчоьно яла езаш йолчу компенсацин барам. И хаттар къасто дезаш ю Оьрсийчоь а, Гуьржийчоь а, нагахь цу хаттарехь барт бан аьтто ца балахь.

2006-чу шарахь шпионийн дов иккхинера цу шина пачхьалкхана юкъахь. Тбилисехь а, Батумехь а гуьржаша дIалаьцнера оьрсийн 6 эскархо. Царна бехке диллинарг дара шпионаж лелор. Цунна жоп луш Москохо хедийра Гуьржйичоьнца йолу з1енаш, жигара даьккхира Оьрсийчохь бехачу гуьржашна талламаш бар. Царах дукхах болчарна депортаци йира Оьрсийчоьнан Iедалша.

Гуьржийчоьнан дозанан сервисан белхахош а дийцарехь 2006-чу шеран Товбеца баттахь дуьйна, 2007-чу шеран Дечкен-бутт тIекхаччалц оьрсаша шйн махкара араваьккхира 3000 сов гуьржи. Оьрсийчоьнан Iедалш чIагIдо, шаьш арабаьхнарш низам дохорна суьдо сацам бина гуьржий бара бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG