ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъах дIакъаста дагахь ю Курдистан


Курдистан Иракъах дIакъастар хьокъехь референдум ярх лаьцна Парламентехь вист хилла цу автономин лидер Барзани Масуд.

Депутаташ сацам бан беза референдум дIохьур йолу де билгалдоккуш аьлла дIахьедар дина цо. Парламентехь вист хуьлуш, Барзанис дIахьедар дира карарчу хенахь Иракъехь хуьлург премьер-министран аль-Малики Нурин харц политикан жамI ду аьлла.

Мангал-бутт чекхболуш Iамеркан пачхьалкхан секретарь Керри Джон хилира Иракъерчу Курдистанехь. Цуьнца цхьанакхетча Барзанис элира курдаш кризисах хьалха бовла гIерташ бу, амма царна хетарехь Иракехь керла куьйгалла оьшу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG