ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаш ду дIадоьлхуш Украинехь


Украинин малхабалерчу регионехь цу пачхьалкхан эскарша жигара баьккхина Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташца беш болу тIом. Еарин дийнахь сепаратисташа яккхийн тоьпаш йиттина Славянск а, Краматорск а гIланашка. И бахьана олуш дохийна 30 гергга цIа а, газан биргIа а, цхьамогIа супермаркеташ а, кхин йолу инфраструктура а.

Украинин эскархоша шайн куьйгакъел эцна Оьрсийчоьнан дозанца йолу «Должанский» олу чекхволуьйту пункт. ХIинца иза болх беш ю. Украинин къоман кхерамазаллин кхеташоно бинчу хаамца, Украинин малхбалехь тIеман операци йолийнчхьана вийна 200 эскархо. Чевнаш хилла ву 619 эпсар а, салти а. ТIеман министралло далочу терахьашца, сепаратисташ йийсаре лаьцна латтош ву 29 эскархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG