ТIекхочийла долу линкаш

Обама декъалвина Путина


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира декъалвина Iамеркан лидер Обама Барак Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ йозуш йоцуш пачхьалкх кхоьллина Де даздарца доьзна. Шина пачхьалкхан юкъаметтигаш кхуьур ю аьлла, сатесна ву ша аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто.

Кремлан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Путина билгалдаьккхина, дуьненаюкъараллан кхерамазалла ларъярна жоьпалла йолчу Оьрсийчоьно а, Цхьанатоьхна Штаташа а машар ларбар Iалашонца дика юкъаметтигаш лело еза аьлла. Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а юкъаметтигаш вуно шийла яра тIаьхаьрчу масех баттахь. Уьш кхин а шелйелла Оьрсийчоьно Украинин ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа.

XS
SM
MD
LG