ТIекхочийла долу линкаш

Украина кийча ю машаран дагадовларш дIадахьа


Украинин эскархоша шайн Iуналле эцна Донецкан а, Луганскан а областийн 26 кIоштах 23 кIошта. Цу тайпа дIахьедар дина Украинин къоман кхерамазаллин кхеташонан секретаро Парубий Андрейс. Цо дийцарехь, цу территорин тIехь юха а болх бан юьйлаелла Iедалан урхаллаш а, милици а, коммуналан сервисаш а.

Парубийна хетарехь, сепаратистийн жигаралла хаъалла гIелйелла. Кху тIаьхьарчу дийнахь-бусий уггаре а луьра тIемаш хилла Славянскана гена йоцуш йолчу Миколаевка олучу эвлана гонаха. Украинин эскаран векало Дмитрашкевский Олексейс дийцарехь, цигахь вийна лаххара 150 сепаратист. Цу хеннахь Украинин президенто Порошенко Петрос дIахьедар дина, шаьш кийча ду машарца конфликт дIаерзор 1алашонца дийцарш дIадахьа аьлла.

Порошенкос дийцарехь, антитерроран операци юха дIайолор ца ваьллачу денна динера цо. Иза юха д1айолийначул тIаьхьа къезиг дараш ду Украинин эскархошна юкъахь, цхьана агIор герзаш деттар сацоран раж юкъа а яьккхина шаьш Iаш хиллачул а аьлла д1ахьедар дина Порошенкос.

XS
SM
MD
LG