ТIекхочийла долу линкаш

Македонехь полицех тийсабелла меттигера албанхой


Демонстраце арабевллачу албанхошна а, полицина а юкъахь тасадаларш хилла Шоьтан дийнахь Македонин коьртачу гIалахь Скопьехь. Масйитта стаг чевнаш йина ву. Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, митинган декъашхоша тIулгаш тоьхна полицин белхахошна.

Полисхоша дуьхьал гIовгIа йоккху гранаташ а кхуьссуш, бIаргех хиш оьхуьйта газ а хецна, хиш диттиина. Македонехь бехачу албанхоша доьхург ду терроризм лелийна аьлла велла дIаваллалц хан тоьхна чувоьллина шайн 6 махкахо дIахецар. Демонстранташна хетарехь, царна хенаш тохар политикан бух болуш ду.

Чубоьхкинчарна бехке диллинарг дара 2012-чу шарахь Пасха даздеш къона 5 македонхо вер. Македонехь вехаш ву 2 миллион стаг. Царах доьалгIа дакъа бусулба албанхой бу. Iедалша шайца

XS
SM
MD
LG