ТIекхочийла долу линкаш

Славянск дIалаьцна Украинин ницкъаша


Украинин тIеман министро хаам бина мехкан президенте Порошенко Петрога, сепаратисташа дIалаьцна латтош хиллачу Славянскехь Украинин байракх дIатоьхна шаьш аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Украинин президентан зорбанан сервисо.
Украинин тIеман минитро Гелетей Валерийс дийцарехь, эскаран дакъош гIо деш ду цу гIалара дахар юхаметтахIоттош. Славянскехь шен болх дIаболийна гуманитаран миссино. Украинин эскаран инарлан штабан куьйгалхочо Муженко Виктора бинчу хаамца, эскарш кечлуш ду Караматорскехь тIеман операци дIаяхьа.
XS
SM
MD
LG