ТIекхочийла долу линкаш

Украина: сепаратисташ гоне лоцуш ду эскарш


Луганскан а, Донецкан а кIошташкара сепаратисташ юьззинчу блокаде эцар дерзон дагахь ду Iедалан эскарш, хаам бина Украинан къоман кхерамзаллин кхеташонан лидеран гIовса Коваль Михаила оршотдийнахь. Политикан сацам хиларе догдохучуьра даьккхина хьал сепаратисташа, бохура Ковала. Шайгара Славянск-гIала дIаяьккхинчул тIаьхьа Луганскехь а, Донецкехь а чIагIлуш бу Украинан дакъа Кремлехьа ийзаден оьрсех болу ницкъаш.

Донецкан халкъан республика шайх олучу сепаратистийн тобан лидера, губернаторо Губарев Павела партизанийн тIом болор бу шен агIоно аьлла д1акхайкхийна. Оршотдийнахь Донецке кхочу кхо тIай эккийтина сепаратисташа.

XS
SM
MD
LG