ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила хир ву овхIанхойн президент?



ОвгIанистанан пачхьалкхан куьйгалле ваха къовсавелла ши кандидат цхьанакхийтира оршотдийнахь президентан харжамийн шолгIачу гонан хьалхара жамIаш довза лууш. Кхаьжнаш дагардарца нисделла цакхетарш къастон дезаш вара Iабдулла Iабдулла а, Ашраф ГIани а.Шина а кандидата вовшийн бехкево кху беттан 14-чу дийнахь дIадаьхьначу кхажтасарехь нахана тIеIаткъам бина бохуш.

Харжамийн жамIаш довзийта дезаш дара оршотдийнан делкъехь, амма тIаьхьатеттина, кандидатийн а, Йозушйоцчу комиссин а барт цахилар бахьанехь.

Iабдуллас дIахьедина, кхаьжнаш дагардар нийса дац, талламаш кхидIа бе, аьлла. Амма, шен цхьа миллион кхаж совбаьлла бохучу ГIанис чIагIдо, жамIаш дIакхайкхор тIаьхьатfтта оьшуш цахилар.

Кабуле веанчу Iаьмаркан пачхьалкхан сенатора Левин Карла, кIирандийнахь дIахаийтина журналисташна шеконе долу кхаьжнаш юхалара мега аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG