ТIекхочийла долу линкаш

Кутаевна набахти ккхайкхийна


4 шо набахтехь такха кхайкхийна Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанан кхело политикна, оппозиционерна, Кавказан къаьмнийн ассоциацин лидерна Кутаев Русланна.

Кху Iай цо вайнах махкахбахарца йоьзна конференци ярца лецира иза полицино, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла а кхайкхош. Кхелехь гучудуьйлура дуккха а доцу бахьанаш, харц тоьшаллаш.

Кутаев Руслана бехк тIе ца эцна. Цуьнан адвокаташна иза лацар а, набахте хьажор а политикан бухехь бина сацам бу аьлла хета.

XS
SM
MD
LG