ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iабдуллина ша президент хета


Шинарий дийнахь Кабулехь шен агIончашка дIахьедар дина президенталле кандидат волчу Iабдулла Iабдуллас, ша харжамашкахь тоьлла, ткъа шеца къовсамехь Iийна кандидат бозбуанча а ву ша иза кхьажнаш бахарца дуккха а тIаьхьа а витина аьлла. «Вай цунах дозалла до. Вайгахь ларам бу харжамхошка. Вай тоьлла», бохура Iабдуллас эзарнашна нахана хьалха. Иштта цо кхайкхира махкахой цхьана бертахь хиларе. «Вайна ца беза чоьхьара тIом. Вайна ца еза цо йохьу кризис», элира Iабдуллас.

Шинарийдийнахь Iамеркан Пачхьалкхан секретара Керри Джона, ОвхIанистанехь муьлхха а Iедал дIалаца яьккхинчу гIулчо и пачхьалкх дуьненаюкъара накъосталла хуьлучух хедар ю, элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG