ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израило 35 палестинахо вийна


Палестинерчу хьаькамаша хаам бо, Израилан кеманаша динчу тохарехь лаххара а 35 стаг вийна шайн махкахь кхаарийн дийнахь-буса, бохуш. Палестинерчу тIемалоша шайн махкатIе ракеташ тоьхна аьлла дIаяьхьна Израило Газа-махкахь шен тIеман операци.

Кху тIаьххьарчу шерашкахь хиллачу массо а бохамел боккха бохам бу иза цу регионехь. Израило дIахьедина, ша 430 Iалашо лаьцнера тохаршка аьлла. 117 ракета тоьхна шайна лаьтта тIе палестинахоша, къастадо Израилан эпсарша. Кхин а 45 ракета йохийна боху шайн Аьчка Тхов олучу ракеташна дуьхьало ечу системано а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG