ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистан: мила хаьржина президент?


ОвхIанистанехь вовшашца къийсалучу президентан кандидаташа юкъара Iедал кхолла деза мохк дакъошка а ца боькъуш, дIахьедина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн ОвхIанистанехула а, Пакистанехула а волчу векала Доббинс Джемса. Хаамийн Блумберг-агенталло довзуьйту Вашингтонехь хиллачу конференцехь Доббинса дина къамел. Кабуло харжамийн жамI къастош муьлххачу а кандидатан цIеяккхарх машар хир бац, аьлла хета Доббинсна. Цундела, боху цо, коалици кхолла еза кандидаташа.

Оршотдийнахь дов марсадаьлла Iабдулла Iабдулланий, ГIани Ашрафний. Шиммо а чIагIдо ша-ша тоьлла президентан харжамашкахь. ПIераскандийнахь Кабуле, цигара харжамийн кризис ерзорхьама ваха лерина ву Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG