ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а 11-нна санкцеш кхайкхийна Евроберто


Евроберто Оьрсийчоьнна духьал санкцеш кхин а шоръяр гергарлонаш талхаде гIулч ю, дIахьедина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Еарийдийнахь Европан Бертан дипломаташа даржийнера, банкех пайдаэца а, Европе ван а доьхкур ду кхин а 11 стагна аьлла. Санкцеш дуьхьалйохучаралахь дукхахберш бу Украинерчу оьрсийн сепаратистийн лидерш.

3 салти вийна, 27 лазийна тIаьххьарчу шина дийнан тIемашкахь Украинан эскаршкара.

Киевца а, Москохца а машаран хьокъехь телефонан къамелаш дина немцойн, францойн а лидерша еарийдийнахь. Франсуа Оландан офисе хаам бо, шина пачхьалкхан лидерша Меркел Ангелас а, Олланда а Путин Владимирца телефонехула динчу къамелехь цунна дIахаийтина, Оьрсийчуьра Украинан доза а хедош, дехьа-сехьа сепаратисташ лелар соцуш доцийла а, иза Кремло дехка дезийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG