ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Баккхий тIемаш лаьтта Украинехь


Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчас Зорян Шкиряка хаам бина, Донбассерчу сепаратисташа массех Град-герзаца ракеташ йиттина, лаххара а 30 Iедалан эскархо вийна аьлла. «Белларш кхин сов хила а тарло, дуккха а гIишлош а йохийна», боху Шкиряка. И хаам баьржина Украинан эскарша сепаратисташна дуьхьал шаьш бен тIом марсабаьккхинчу муьрехь.

Эскарийн векала Селезнев Владислава тоьшалла дарехь, 50 сепатартист муххале а вийна кху тIаьххьарчу деношкахь. Дахначу мукъаденшокахь Славянск-гIала долара яьллачул тIаьхьа, Оьрсийчоьнехьа болу герзахой хьулбелла миллион гергга нах бехачу Донецкехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG