ТIекхочийла долу линкаш

ШиIатойн, курдогйн юкъаметтигаш ийгIина


Иракъан премьер-министра Ал-Малики Нурис курдой суннатийн гIаттамхошкахьа бу аьлла динчу дIахьедарна дуьхьал шаьш шайн Iедалан даржашкара белхаш совцабо, аьлла, дIахьедина курдойн политикаша. Изза хаам баржийна Иракъан арахьарчу гIуллакхийн министра, ша а курдо волчу Зибари ХIошияра.

Курдошний, шиIаташний юкъа цатешамаш буьйлира дукха хан йоццуш шиIат волчу ал-Маликис курдоша суннатошна Киркукера мехкдаьттан комплекс дIалаца аьтто бо аларца. Оцу юкъанна шиIатой аятоллас Систани Iелас кхойкху нах, вошашца динан башхаллаш а ца къестош, лараме хиларе.

XS
SM
MD
LG