ТIекхочийла долу линкаш

Кавказхошна дотацеш лахйийр ю Кремло


Оьрсийчоьнан Ахчан ларам бечу комиссин куьйгалхочо Голикова Татьянас Дагестанна, ГIалгIайчоьнна, Нохчийчоьнна, кхечу а массех махка хьежаде дотацеш лахдан догIу аьлла дIахьедина еарийдийнахь, президент Путин Владимир а веъна, дIаяьхьначу Iедалхойн кхеташонехь.

Оцу регионаша финансийн министраллана хьалха ахча гулдаран а, юхакхачоран а Iалашонаш кхочуш ца йо, боху Голиковас. Цо аьллачунна цхьана декъехь тIетайра Путин. Цо вице-премьер Козак Дмитрий декхаревина, дотацешца бехачу мехкийн куьйгалхой а гулбина, цаьрца оьшшу болх дIабахьа.

XS
SM
MD
LG