ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанера харжамийн кризис


Ши де даьккхина Iамеркан Цхьаьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона Кабулехь президентан харжамийн жамIаш ца къасталуш хьийза овхIьанхошна юкъа барт латтош. Мехкан президентца Карзай Хьамидца а, кандидаташца Iабдулла Iабдуллица а, ГIани Ашрафца хилира цуьнан цхьаьнакхетарш. ОвхIанистанан цIарх лигитимехь хила веза лидер къастош гIолаца гIерта Цхьанатоьхна Штаташ, бохура Керрис.

ХIора а кандидатца шина а дийнахь къамелаш дина Iамеркан дипломатин куьйгалхочо. Бахначу беттан юккъехь кхаьжнаш дагардеш ГIани хьалхаваьлла аьлла бара харжамийн комиссин сацам, амма оцу комиссино харцо лелийна шеца, тоьлларг ша ву аьлла, махкахь карчам бина, аьлла, къовсаме велира Iабдулла 1абдулла.

Кху кIиранах хIора а кандидате шегга дIахьедар дира Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака, нагахь ОвхIанистанера харжамийн кризис к1арглахь, шаьш финансашца гIодар сацам бина аьлла.

XS
SM
MD
LG