ТIекхочийла долу линкаш

Украинерчу 11-нна дуьхьал - санкцеш


Европе баха а, цигахь ахча латтон а доьхкуш, Украинерчу Донбассерчу сепаратистех 11-ннан цIеяьккхина Европан Берто. Оцу нахалахь бу, масала, Донецкан Халкъан республика шех аьллачу кхоллараллин премьер-министр Бородай Александр а, цуьнан гIовсаш а, министрш а. Оццу санкцийн тептаре баьхна Луганскера сепаратисташ, цигара премьер а, министрш а. Ерриг а Украинан йозушъяцар талхочу 72 хьаькаман цIе ю кхайкхийначу санцийн могIаршкахь.

XS
SM
MD
LG