ТIекхочийла долу линкаш

Новодворская Валерия кхелхина


Москох кхелхина бакъоларъярхо Новодворская Валерия. Оцу хьокъехь даржийна лоьрийн гонаша. Инфекцех дIовш даьлла елла иза боху цара. Шоьтан дийнахь кхаьчнера Новодворская дарбан цIийне реанимаце. Массех сахьт хилла лоьраш иза дахаре ерзон гIерта. Оьрсийчоьнан либералан боламан юкъархо, йозуш йоцу журналист а, блоггер а , Демократин цхьаьнакхетаралла олу парти кхоьллина а яра Новодворская Валерия. Нохчийн къомана а, цо лоьхучу маршонна а даима тIера хилла стаг а яра иза.

XS
SM
MD
LG