ТIекхочийла долу линкаш

ГIаттамхошна гIо дарна бехкейо нохчо


53 шо долу Шуьйтан къоштарчу Нохч-Келойра зуда лаьцна шаьш, гIаттамхошна цо гIодарна, аьлла даржийна Нохчийчоьнан полицино. 2004-чу шарера 2008-гIа шо кхаччалц тIемалошна цо, эца а оьцуш, кхача латтийна, цунах ша даре а дина, боху полисхоша. Цкъачунна гена дIасагIур йоцуш куьг а яздайтина цIаяхийтина и зуда. ГIатто тарло цунна дуьхьал бехктIакхаман дов.

XS
SM
MD
LG