ТIекхочийла долу линкаш

Венехь цхьаьнакхетар ву Керри а, Зариф а


Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон а, ГIажарийчоьнан зарратан программехула долчу дийцаршкара делегацин куьйгалхо Зариф Мохьаммад а цхьаьнакхета дагахь ву Венехь. Iамеркан пачхьалкхан департаментан векло бинчу хаамца, Керри кийча ву ГIажарийчоь Малхбузенца барт бан лууш ю, я яц хьажа кхин а шен хан яйъа.

Британин а, Францин а, Германин а арахьарчу гIуллакхаийн министрш дIабахана Венера, ГIажарийчоьнан дегегаци маслаIат лаха оьшуш хиларх кхето шайн аьтто ца баьлча. Уран цIандар дитийта гIерташ ю ГIажарийчоьне кху дуьнентIехь таро йолу 6 пачхьалкх, шайн юкъахь Оьрсийчоь а, Китай а йолуш.

Царна хетарехь, ТехIрано кхочуш ечу зарратан программо аьтто бийр бу гIажаройн зарратан герз дан. ГIажарийчоьнан делагацино иза бакъ дац боху.

XS
SM
MD
LG