ТIекхочийла долу линкаш

Киев: Донбассера хьал кхин а чолхе даккха гIерта Оьрсийчоь


Украинин Iедалша бехке йина Оьрсийчоь шайн дозанна ницкъаш тIеозарна. Киево чIагIдарехь, Оьрсийчура йолах тIом бечу наха гIо а деш, сепаратисташ тIемаш беш бу Украинин дозанхошца Оьрсийчура тIеман техника чуяло гIерташ.

Украинин Къоман а, Кхерамазаллин а Кхеташонан зорабан сервисан векло Лысенко Андрейс бинчу хаамца, Оршотан дийнахь тIеман тасадаларш хилла Оьрсийчоьнан дозанца йолчу Дъяков олучу меттехь. Цунна хетарехь, хуьлуш долчо гойтуш ду Оьрсийчоь Донбассехь дIадоьдуш долу дов даржо йолалуш хилар.

Цу хенахь Украинин Iедалша хаама бина, кеманашца тохарш а дина, Луганскерчу кеман портана бина го баьстина шаьш аьлла. Украинин эскаран векалша чIагIдарехь, авиацино бомбанаш а, ракеташ а йиттина байина дуккха а сперататисташ.

XS
SM
MD
LG