ТIекхочийла долу линкаш

Путин ца везарш хьахор а - «экстремизм»


Путинна дуьхьал болучийн гуламашкара сурт

Путинна дуьхьал болучийн гуламашкара сурт

Оьрсийчохь бутт батте мел болу алсам дуьйлу дехкарш. Хьалха дешан бакъоно магош хилла дуккха а хIуманаш ду хIинца бекхтакхаме даьккхина. 2300 тептар ду Оьрсийчохь дихкина. Cтохка Владивостокехь арахецна «Путинна дуьхьал тохарш ден тобанаш» цIе йолу тептар а даьккхина цу могIара. Цуьнан авторш бу кхеле ийзийна.

Лурчаха а, стохка а шаьш мелла а маьрша дуьсучу «Керлачу газетехь» а, кхин маьрша а доцчу «Известехь», РБК Dayly агенталлехь, кхечу хьостанашкахь араяьхначу артиклех вовшахтоьхна ду Москох бехачу журналисташа Фальковский Ильяс а, Литой Александра а стохка Владивостокехь «Алгоритм» олучу зорбан цIийнехь арахецна «Путинна дуьхьал тохарш ден тобанаш» цIе йолу тептар.

Иза арадаларцана даьржира Оьрсийчухула. Бахьана, гарехь цхьаъ дара – информацин дефицит. Авторша юьйцура Кавказ Имарат, дагалоьцура цуьнан тоьлла бIаьхой, идеологаш – Бурятский СаIид, Астемиров Анзор, кхиболу а массех шо хьалха тIемашкахь эгна кавказхой.

Юьхьанца, тептар Владивостокехь кхеле даьккха долош, экстремизмаца къийсалучу пачхьалкхан «Э» урхаллин меттигерчу декъо дуьхьало йира довлистар Фальковский Илья а, Литой Александр а вехачу Москох дехьадаккхийтарна.

Гiуллакх листа кечдеш Владивостокехь йира тептарна эскпертиза. Бохура цу тIехь, авторш деккъа дIа бусулба аларш, жайнин хабарш даржийна а ца севцца, цара исторера анархистийн а, террористийн къамелаш тоьшалле а далош, бакъбо таханлера террористаш. Бохура экспертизано, масала, тептаран авторша дозалла дан догIуш санна даздо тIемалойн бала кийча хилар, шаьш Iедалан карабахча, шайн накъосташна дуьхаьл тоьшаллаш цадар.

«Путинна дуьхьал тохарш ден тобанаш» тептар арахецначу Фальковский Ильян а, Литой Александран адвокат ву Владивостокехь Маракулин Павел. Iедало кховдийна а воцуш, Москохарчу бозуш боцчу юристийн «Агора» шех олучу вовшахкхетаралло лаьцна иза авторшна.

Цунна хетарехь, полицино экспертиза ян къастийна стаг говзанча а ца хилла, я цо шена хьалха хIиттийначу хеттаршна жоьпаш объективан бухца а ца делла.

Маракулин: «Цхьаъ делахь, низаман кепаш талхош йина ю экспертиза. Кхелера йоцу кхетаман-лигван экспертиза ян векал вина эксперт харц тоьшалла дарна ша жоьпе узур вуйла хаийтина вацара. Оцо йоцчу юьллу цуьнан экспертиза. ШолгIа делахь «Э» центро экспертна хьалха хIоттийнарг ши хаттар бен а дацара. Ткъа эксперто жоп пхеа хаттарна делла. Аьлча а, кхеташ дац, цунна стенгара даьлла хIоттон кхин а кхо хаттар. Оцо гойту эксперт шен бакъонел совваьллийла».

Оьрсийчохь 6-7 шо хьалха деша а, даржо а дихкинчу тептарийн терахь дацара бIеннал совъоьккхуш бен. Тахана оцу могIарахь ду 2600 сов тептар. Царех уьтталгIа дакъа а дац кхечу пачхьалкхашна я новкъа а, деша-даржон ца магош а.

Оьрсийчохь экстремизме ду олий, Iедал Iора доккхуш, я кхечу бахьанийца цунна мел ца товш долу тептарш санна «Путинна дуьхьал тохарш ден тобанаш» цIе ерг а дуй-те деккъа политика буха а йиллина деша доьхкуш, ткъа цуьнан авторш кхеле озош, аьлла хаьттира Маршо Радионо Фальковский Ильян а, Литой Александран а авдокате Маракулин Павеле.

Маракулин: «КIеда аьлча, ледара ю вайн полисхойн говзалла. Низамаш кхолларан а, уьш кхочушдайтаран некъаш а телхаш схьабогIу. Тептарехь политика лехар, иза кхеле йиллар, хетарехь, нийса а хир дац. Со гена ву политикана, Приморски махкахь, кхузахь, политика ю кхело юьхьарэцна ас эр дацара.деккъа дIаьлча, кийтал ларъеш леладо-кх дерриг а. Экстремисташ Кавказан лаьмнашкахь, я Украинан дозанашкахь леца мелла а хала ду. Цаьрца тIом бан хала ду, кхераме ду. Ткъа тептар, рапорт а яздина, эккхийна лело, доцург экспертизе а даьккхина лела атта бу дуккха а».

Цкъачунна цхьа аьтто баьлла кхеле озийначу авторийн а, церан адвокатан а. Цара къарйина система, тептарна юьхьанца йина экспертиза низам талхош хилла яра аьлла, кхело керла экспертиза ян магийна. Оцу балханна къастийна оьшу лингвисташ, философаш шен декъахь болуш хиларна Нижний Новгородан университет.

Ткъа довлистар дIахьош ду кхело. Тоьлур вуй прокурораша экстремизмалле шайн тептар лору Фальковский Илья а, Литой Александр а бохучух кIезиг теша прессехь я интернетехь хетарг къадош болу тергамхой. Тоьлла меттиг ягIахь, оццул Iедална товш йоцу «Путинна дуьхьал тохарш ден тобанаш» цIе йолу тептар кхидIа а даьржаш лелар ду. Ишттаниг, хууш ма-хиллара, доцург, хила торуш доцург ду Оьрсийчоьнан кхузаман хотIехь.

XS
SM
MD
LG