ТIекхочийла долу линкаш

Тикрит маьрша яккха гIерташ ду Иракъан эскар


Тикрит олу гIала тIемалойх маьрша яккхар Iалашонца тIеман операци йолийна Иракъан армино. Иракъан тIеман министралло дийцарехь, эскарш чудахана цу гIалана шина агIор.

Цхьаболчу хаамашца, цара дIалаьцна цхьамогIа Тикритера гIишлош, шайна юкъахь полицин академи а, госпиталь а, Салах-эд-Дин провинцин администрацин хIусам а йолуш.

Хууш ма-хиллара Тикрит дIалаьцначу тIемалошна юкъахь бу Къилбаседа Кавказера дуккха а нах. Шинарин дийнахь Иракъан Парламентан гIантда хьаржина депутаташа. Иза ву суннитийн партийн цIарах волу кандидат Джабури Салим.

XS
SM
MD
LG