ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

90 гергга стаг вийна ОвхIанистанехь


Лаххара а 89 стаг вийна ОвхIанистанехь Пактика олучу провинцехь базаран кертахь машен а эккхийтина. Associated Press агенталло бинчу хаамца, кхин а 42 стаг чевнаш йина ву. Лазийнарш гиспитале дIабигина беркеманашна тIехь.

Цкъачунна и эккхийтар шаьш дина аьлла гучуваьлла стаг вац. Хьалхо Шинарин дийнахь Кабулехь некъаца йоьллина мина а иккхина вийна 2 стаг. Президентан сервисера 7 стаг тIехь волу мини-вэн олу машен ю иккхинарг. И тIелатар шаьш дина аьлла дIахьедар дина тIалибаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG