ТIекхочийла долу линкаш

Керрис дика мах хадийна Венерчу дагаловларийн


Зарратан программа хьокъехь ГIажарийчоьнца хилла дагадовларш мелла а кхиаме дара аьлла, дIахьедар дина Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона, ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Зариф Мохьаммадца цхьамогIа цхьанакхетарш дIадаьхьначул тIаьхьа.

Оццу хенахь Керрис билгалдаьккхина, цхьадолчу хаттаршкахь шайн къастоза дисина хIуманаш хилар. Iамеркан пачхьалкхан секретаро дийцарехь, ГIажарийчоьнан бакъо ю шен зарратан программа кхочуш ян. Амма уран цIандан оьшуш яц 19 эзар центрифуга.

Венехь шина дийнахь хиллачу дагадовларшкахь дакъалоцуш бара Британин а, Францин а, Германин а арахьарчу гIуллакхийн министрш.

XS
SM
MD
LG