ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Метрополитенан цIерпошт хаьрцина Москох


Лаххара 20 стаг вийна Москох метрополитенан чохь бохам а хилла. Арбатско-Покровская метрон га ду дуьйцург. Цу чохь, автоматика гал а яьлла, цIеххьана саца гIоьртина цIерпошт. И бахьана долуш тIехьа йолчу вагонаша хьарчийна хьалхарниш. 19 стаг велла цу меттехь.

Кхин цхьа зуда елла дарбан хIусамехь. Лазийна ву 160 стаг. Москох-гIалин могашаллин департаментан куьйгалхочо Голухов Георгийс бинчу хаамца 120 стаг ву дарбанан хIусамашка дIакхачийна. Царах дукхах берш вочу хьолехь бу. Москох мэро Собянин Сергейс Кхаарин де тезетан де кхайкхийна цу гIалахь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG