ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо стаг вийна Газехь


Палестинин Газа асанехь, Израилан кеманаша тохарш а дина, вийна кхо стаг. Палестинин администрацин медицинан сервисан векло бинчу хаамца, бомбанаш а, ракеташ а тоьхна Мисар-пачхьалкхан дозанна гена йоцуш йолчу Рафах гIалахь. Цхьана тохарехь ши стаг вийна, ткъа шолагIа тохар дича вийна цхьа стаг.

Цхьаболчу хаамашца, и стаг тIом беш хилла «Исламан джихад» олучу тобанца цхьаьна. Кхаарийн Iуьйранна Израилан никъаш тохарш дина ХАМАС-тобанна куьйгалхойх волчу аз-Захар Махьмудан хIусамашна. Амма цу хенахь и стаг кхечу меттехь хилла. Кху тIаьхьарчу масех дийнахь, Израилан авиацино бомбанаш а, ракеташ а йиттина, вийна 190 гергга стаг.

Жуьгтийн агIор вийна цхьа стаг ву. Цунах лаьцна хаам бо AFP а, Reuters а агенталлаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG