ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евроберто керла санкцеш кхайкхор ю Оьрсийчоьнна


Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн лидерша керла санкцеш тIеэца мегаш ю Оьрсийчоьнна дуьхьал. Уггаре а хьалха дуьйцург ду Оьрсийчоьнан политикашна а, Украинерчу сепаратистийн хьалханчашна а дIасалелар дехкар а, церан банкашкахь йолу чоьташ болх бечура совцор а. Цхьаболчу хаамашца, йийцаре еш ю кхин йолу санкцеш а.

Малхбузерчу агенталлаш дийцарехь, Евроберто йохуш йолчу гIулчаша ледара Iаткъам бийр бу Оьрсийчоьнан экономикана. Цу хеннахь Iамеркан вице-президенто Байден Джос хаам бина Украинин президенте Порошенко Петрога, Вашингтон Евробертаца дийцаре деш ю Оьрсийчоьне беза мах болуьйтур болу санкцеш Москохна дуьхьал яхар, цо Украинехь дов марса даккхарна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG