ТIекхочийла долу линкаш

Украиница йоьзна резолюци тIеэцна Европарламенто


Украинехь хуьлуг бахьана долуш резолюци тIеэцна Еарин дийнахь Европарламенто. Цу тIехь депутаташа кхайкхам бина Оьрсийчоьнан куьйгалхошка Украинин Малхбалера хьал машарца дIанисдан Киево кечйина план буьззинчу барамехь кхочуш ян гIулчаш яха аьлла.

Оьрсийчоьнан эскарш Украинин дозанан уллера дехьаа даха а деза, Украинехь болу тIемалой цIа бига а беза, сепаратисташа лийцина болу закъалтхой, шайна юкъахь Оьрсийчохь лаьцна йолу Украинин пилот Савченко Надийа а йолуш, сихха дIахеца а беза аьлла ду Европарламенто тIеэцначу документан тIехь.

Европарламентан декъашхошна хетарехь Евроберто керла санкцеш кхайкхо еза Москохна дуьхьал, энегетикан секторах хьакъалуш йолу. Европарламентан резолюци магоран кеп йолуш ю. 497 депутатах цунна дуьхьал кхаж тесна 121 стага. 21 шена хетарг а ца хоуьйтуш Iад Iийна.

XS
SM
MD
LG