ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко шайна санкцеш кхайкхорна реза яц Москох


Iамерко шайна дуьхьал санкцеш кхайкхоран бахьана ду Украинехь хуьлуш дерг Вашингтонан сценарица хуьлуш ца хилар аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Жоп дала шайна бакъо юьту шаьш боху Москох. Оьрсаша чIагIдарехь, Оьрсийчоь дакъалоцуш яц Украинин чоьхьарчу конфликтехь.

Шайца цу кепара къамел дан оьшуш а дац, жамI дохьур долуш а дац, шайна изоляци ян аьтто а бац бохуш чIагIдо Оьрсийчоьнан Iедалша. Сих а ца луш хьажа деза шаьш керлачу санкцийн чулацаме аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Iамерко кхайкхийначу санкцех лаьцна вай дуьйцур ду кху программехь.

XS
SM
MD
LG