ТIекхочийла долу линкаш

Шайн тIеман кема Оьрсийчоьнан тIеман кемано охьадожийна аьлла дIахьедар дина Украино


Кхаарин дийнахь шайн тIеман кема Оьрсийчоьнан тIеман кемано охьадожийна аьлла дIахьедар дина Украинин къоман кхерамазаллин кхеташоно. Украинин Су-25 олучу кеманна ракеташ тоьхна, кеманхо чуиккхина. Иха кIелхьар ваьккхина аьлла хаам бина Киевехь хиллачу брифингехь кхерамазаллан кхеташонан векло Лысенко Андрейс.

Интерфаксо дийцарехь, Кхаарин дийнахь Данбассера гIаттамхой олучу тобанан векалша дIахьедар динера шаьш Украинин Су-25 олу ши кема охьадожийна аьлла. Сеператисташа чIагIдарехь, царах цхьаъ, кIур а туьйсуш, дIадахана Миргородера аэродром йолчу агIор. Вукхуьнах хилларг хIун ду ца хаьа шайна бохуш дийцара цара. Кху беттан 14-чу дийнахь Луганскан областехь чудаийтинера Ан-26 олу тIеман-транспортан кема. Цу тIехь хилла ши кеманхо йийсаре лаьцна сепаратисташа. Виъ кIелхьара ваьккхина. Кхин а шина пилотах хилларг хIун ду хууш дац.

Украинин кхерамазаллин сервисо бинчу хаамца, цаьргахь тоьшаллаш ду и кема Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша дохийна хиларан.

XS
SM
MD
LG