ТIекхочийла долу линкаш

Евроберто керла санкцеш кечйеш ю Оьрсийчоьнна дуьхьал


Гергарчу хенахь Оьрсийчоьнна дуьхьал сакцийн керла пакет кечъян дагахь ю Евробертана юкъахь йолу пачхьалкхаш. Уьш коьртачу декъана хьакхалуш хир ю Украинера хьал чолхе доккхуш дакъалоцуш йолчу компанех. Цунах лаьцна дIахьедар дина Германин канцлеро Меркел Ангелас.

Украинин малхбалехь чудаийтинчу кеманах лаьцна олуш, Меркела дIахьедар дира «цу регионехь хуьлучуьнан бохаман гайтам бу иза» аьлла. Украинехь хуьлург бахьана долуш резолюци тIеэцна Еарин дийнахь Европарламенто.

Цу тIехь депутаташа кхайкхам бина Оьрсийчоьнан куьйгалхошка Украинин Малхбалера хьал машарца дIанисдар Iалашонца Киево кечйина план буьззинчу барамехь кхочушяхьара аьлла. Европарламентан депутаташна хетарехь, Евроберто керла санкцеш кхайкхо еза Москохна дуьхьал, энегетикан секторах хьакъалуш йолу.

XS
SM
MD
LG