ТIекхочийла долу линкаш

Боинг охьадоьжначу меттехь таллам дIабахьа барт бина сепаратисташца


«Донецкан халкъан республика» олучу тобан векалша дIахьедар дина шаьш Боинг охьадоьжначу метте, новкъарло а ца еш, ОБСЕ-н векалш буьтур бу аьлла. Цул сов, сепаратисташа дош делла и авиакатастрофа толлуш Украинин Iедалшца а, дуьненаюкъарчу эксперташца а юкъаметтигаш дIакхоьхьур ю шаьш аьлла.

И барт бина Украинин а, Оьрсийчоьнан а, ОБСЕ-н а векалша «ДНР» олучу тобан куьйгалхошца видеоконференци дIахьош. ГIаттамхоша шаьш дIагIур ду аьлла дош делла кема охьадоьжначу меттера Iедалан векалийн декъеш схьагулдан аьтто хилийта. Талламехь дакъалаца Украине баха новкъабевлла чудеана Боинган долахочуьнан Malaysia Airlines авиакомпанин векалш.

Амстердамера Куала Лумпуре доьдуш хилла Боинг охьадоьжна Украинин территори тIехь Товбеца-беттан 17-чу дийнахь суьйранна. Цу тIехь хилла 283 некъахо а, 15 стагах лаьтта кеманан тоба а. Уьш берш а белла.

XS
SM
MD
LG