ТIекхочийла долу линкаш

ТIемалоша зуламаш до Иракъехь


ТIеман зуламаш ду ала мегар долуш, адамийн бакъонаш талхош ю Иракъехь йолчу тIеман тобанаша аьлла ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнин Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула лаккхарчу комиссаран урхалло а, Иракъана накъосталла дечу дуьненаюкъараллан миссино а кечдинчу рапорт тIехь.

Цу документ тIехь аьлла ду «Левантан а, Иракъан а Исламан пачхьалкх» олучу тобано тIелетарш до базаршна а, туьканашана а, килсашна а, маьждигашна а, кхин йолчу а маьрша объекташна аьлла.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнин Вовшахтохаралло далочу терахьашца, баханчу баттахь Иракъехь хиллачу тIемашкахь вийна 2 эзар 400 гергга стаг. Царах ах маьрша бахархой бу.

XS
SM
MD
LG