ТIекхочийла долу линкаш

Хьан чудаийтина Малайзин кема?


Украина --Европера эксперташ кхочуш бу кема чудоьжначу метте, Грабово, Донецкна гергахь, 21Тов2014

Украина --Европера эксперташ кхочуш бу кема чудоьжначу метте, Грабово, Донецкна гергахь, 21Тов2014

Cепаратисташа Донецкан кIоштахь Малайзе доьду кема чудаийтар талла дуьненаюкъара говзанчаш бахана Украине. Оршотдийнахь бохам хиллачу метте кхочур болуш бу уьш. Цу юкъана Малхбузенан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш, тIаьхьарчу хенахь иштта а ийгIина хилла йолу, эрча йовлуш ю.

Украинин дозанна тIехула Малайзе доьду кема чудаийтаро кхоьллина инзарвалар хIинца а дижина дац цу бохамна Оьрсийчоь бехке ечу Малхбузехь.

ХIинцалца схьа, бохам хиллачул тIаьхьа даьллачу масех дийнахь, шаьш шайха „Донецкан халкъан республика“ аьлла цIе а тиллина, Киевна дуьхьал тIом беш болчу Оьрсийчоьнехьарчу сепаратисташа цхьа а хийра стаг кхочуьйтуш вацара кема чудеъначу метте.

Шаьш, катоьхна, цигахь талламаш беш а, шайн ка ма-доллу цигахь лелочу я лелийначу талорийн лараш йойъуш а бохкучу цара дIахьедар динера мукъаденошкахь, чудеъначу кеманна тIера „Iаьржа гIутакхаш“ шайх олуш йолу, кема чудогIучу хенахь цу чохь хилла хьал довзийта йиш йолу механизм шайгахь а ю, шаьш иза Украинин Iедале кхочуьйтур а яц, аьлла. ХIинца эххар а Нидерландашкара кхо стаг – катастрофашкахь кхелхинчарна идентификаци яран говзанчаш – тIеэцна цара.

Оршотдийнахь Донецке кхаьчна волу и кхоъ бохам хиллачу меттера схьагулдина долу декъий латточу рефрижераторшна тIевуьгур ву аьлла хаам баржийна сеператистийн векал волчу Кавтарадзе Сергейс.

Амма и кхоъ хилла ца Iа бохам хиллачу метте кхача новкъаваьлла. Оршот дийнахь 3I стагах лаьтташ йолу дуьненаюкъарчу экспертийн тоба кхаьчна Харков-гIала. Царна юккъехь бу голландхой а, немцой а, Iамеркхой а, британхой а, австралхой а. Иштта жимма хьалхехьуо, шота дийнахь, Малайзера йоккха тоба а кхаьчнера Украине.

Цул совнаха, Украинин президента Порошенко Петрс динчу дIахьедарца, цуо Оьрсийчуьра аналисташ а кхайкхина талламашкахь дакъалаца. Амма цигара цкъачунна кхаьчна жоп дац.

Украине кхаьчна болу дуьненаюкъара говзанчаш цкъачунна кема чу деъначу метте кхача аьтто боцуш Iаш бу, сепаратисташа цига боьду некъ маьрша баккха ца тикарна.

Цу юкъана дуьненан массо а маьIIехь Украинехь маьрша некъахой чохь болу кема чудаийтарх долу инзарвалар вуно доккха ду. Дуьненаюкъара пресса а, Оьрсийчоьнах болу аналисташ а дийцаре деш бу цу бохаман барамаш а, цуьнан хила там болу тIаьхьалонаш а.

Венерчу политолога, Малхбалерчу Европех эксперт волчу Чапханов Руслана Маршо радионе дийцарехь, цу катастрофехь Оьрсийчоьнан бехк хилар шеконе дуьллуш дац дуьненан юкъаралло. Кема чудаийтина долчу герзана тIе пIелг таIийнарг милла а хиллехь а, амма Кремло Украинехь лелочу питанийн тIаьхьало лору и бохам Малхбузерачу тергамхоша.

Чапханов Руслан: „Оьрсийчоьнан бехк цу хиламехь бу. Цара хIинца бац-м бохур ду. Дуьненаюкъаралло а Оьрсийчоь бехке еш ю. Массо а хаамийн гIирсашкахь и кема Оьрсийчоьно чудаийтича санна бехкаш дохуш яздеш ду цунах лаьцна. Доккха зулам ду иза.

Оьрсийчоьно цхьаьна жоьлгашна герз а делла, цара шайна луург лелош хиларна хилла иза. Оьрсийчоьне дукха хенахь дуьйна дуьненан юкъаралло бохуш а дара, и нах жоьлгаш ю, цаьрга и герзаш ма лахьара аш бохуш. Делахь а, цара керисталла дора шайн бехканна. ХIинца гуш ду-кх вайна иза“.

Политологан дешнаш тIечIагIдо даханчу мукъаденошкахь Европерчу пачхьалкхийн куьйгалхоша динчу цхьа могIа дIахьедарша а. Иштта кIирандийнахь Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца телефонехула къамел хиллачул тIаьхьа Британин премьер-министран Кэмерон Дэвидана пресс-службано баржийначу хаамехь билгадоккхуш ду, Британин куьйгалхочуо Путине дIахаийтина, маьршачу некъахойн кеманна тIелатар дар цхьанна а агIор магон йиш йолуш хIума ца хилар, аьлла.

„Долуш долчу тоьшаллаша ойла кхуллу, Оьрсийчоьнехьа болу сепаратисташ цу хIуманна жоьпаллехь бу аьлла“, - бохуш яздина ду цу хаамехь. Нагахь санна Оьрсийчоь кхечарна цу бохамах долу жоьпалла тIедилла дагахь елахь, цуо кхоччуш долу тоьшаллаш дахко деза бохург а дIахаийтина Кэмерона Путине бохуш чIагIдо пресс-релизехь. Цул совнаха, Британин куьйгалхочуо билгалдаьккхина, бохам хиллачу метте сихонца дуьненаюкъара говзанчаш кхачийта безаш хилар а, цаьрга, новкъарлонаш а ца еш, шайн болх байта безаш хилар а.

Кхин цхьа хIума а билгалдаьккхина Кэмерона - дуьненан юкъаралло дукха кхайкхамаш бинера Путине, Украинехь къепе дацарш лелочу сепаратисташна гIо дар саца а дай, кхечу пачхьалкхашца цхьаьна цу махкара кризис дIаяккхарехь цхьаьнаболх бе бохуш. „Амма Оьрсийчоь иза дан ца тикаро хIинца и инзаре бохам хиларехь шен дакъалаьцна“, - аьлла яздо Британин куьйгалхочун векалша.

Иштта кхолладеллачу хьолера некъаш лоьхуш мукъаденошкахь жигара хьийзаш дара Францин президент Олланд Франсуай, Германин канцлер Меркел Ангелий. Цу шиннан а телефонехула зIе хилира Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. Цара дийцаре динарг дара Оьрсийчоьно сепаратисташна до гIо сацон дезаш хилар а, Укранехь тIеман тийсадаларш сацон дезаш хилар а, ткъа Кремло, шен тIеIаткъамах пайда а эцна, шена муьтIахьчу талорхоша закъалте лийцина болу нах маьршабахийта безаш хилар а.

Германин, Британин, Францин куьйгалхоша юкъара динчу дIахьедарца, цара ультиматуман тайпа кхайкхам бина Кремле, шинари де тIекхачале Путинс сихонца сепаратисташка доьхначу кеманна малхбузера говзанчаш тIекхачийтар Iалашдайта деза, аьлла. Нагахь санна цуо иза ца дахь, Москохана дуьхьал керла санкцеш йохар ю Евроберто аьлла кхерам тессина цара. Цу санкцийн хьокъехь сацам шинари дийнахь Брюсселехь бийр бу.

XS
SM
MD
LG