ТIекхочийла долу линкаш

Палестинана тIе ракеташ еттачуьра соцуш яц Израил


Газа-секторехь шинарий Iуьйранна Израилан кеманаша динчу тохаршкахь велла лаххара а 11 стаг, боху Палестинан куьйгалхоша, царех цхьаъ доьзалхочух хилла зуда а ю. Ши кIира хьалха Израило палестинахойн Хьамас-партин тIемалоша шен лаьтта тIе ракеташ етта аьлла, ши кIира хьалха йолийначу тIеман операцино 600 гергга палестинахочун са дIадаьхьна. Белла нах бу доккхачу декъанна маьрша бахархой.

Шина кIиранах Израилан эскарера а, махкарчу маьрша нахах а вийна 27 стаг. КъахIирехь бертан дийцарш гIовтто вахана Цхьанакхеттачу къаьмнийн Инарла секретарь Пан Ги Мун а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон а волуш дина Израило Палестинана тIаьххьара ракетийн тохар.

XS
SM
MD
LG