ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харц-ахча ден нах лецна Дагестанехь


Дагестанехь къайлаха харц-ахча деш хилла массийтта стаг лаьцна, Оьрсийчоьнан полицин урхалло хаам барехь. И ахча гIаттамхойн хьашташна дIахьажош хилла боху полицино. 23 хIусамах, машенаш хIитточу чоьнех, офисех а хьажна, карийна ахча ден гIирс а, кийча ахча а. Харц-ахча дийраш лаца араваьккхина хилла 300 гергга полисхо. Дийцарехь, лаьцна 4 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG