ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан кхин а ши кема дохийна сепаратисташа


Украинан тIеман министралло хаам барехь, Оьрсийчоьнехьа болчу гIаттамхоша дохийна Украинан ши тIеман кема. Министраллан векала Дмитрашкивский Алексейс бахарехь, кхаарийдийнахь Снежное гIалина гергахь чудожийна цхьаъ. СУ-25 кема дохийна шаьш оццу меттехь аьлла, цул хьалхо хаам бира сепаратисташа а. Цара дийцарехь, уьш лохуш бара кеманчуьра къелхьараваьлла ши пилот.

ШолгIа шайгарчу герзо лаьцна СУ-25 кема, дIадахана кIелхьара даьлла, боху сепаратисташа. И ши кема дохор нислуш ду деношкахь чудаийтинчу Малайзин пассажирийн кеманна тIаьххье. 298 стаг а вуьйш, кема г1алатбевлла чудожийнарш Оьрсийчоьнехьа болу Украинера сепаратисташ бу, чIагIдо Iамеркан къайлахчу сервисан векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG